РЕСПУБЛИКАНСКИ 1ИЛМАНАН-ПРАКТИЧЕСКИ КОНФЕРЕНЦИ Д1АХЬУР Ю 2017 ШЕРАН 22 АПРЕЛЕХЬ ДЕШАРАН А, 1ИЛМАНАН А МИНИСТЕРСТВОС
07.04.2017ХААМАН КЕХАТ-КХАЙКХАР
Лараме белхан накъостий!Кхойкху шуьга, Нохчийн меттан Денна леринчу «ФПДС (ФГОС) лехамашца дог1уш нохчийн мотт хьехаран мехала хаттарш» Республикански 1илманан-практически конференцехь дакъалаца.Конференци д1ахьур ю 2017 шеран 22 апрелехь 10 сахьт даьлча Нохчийн Республикин дешаран а, 1илманан а министерствон актови зала чохь.Конференцин белхан меттанаш: нохчийн, оьрсийн.Конференцин белхан коьрта аг1онаш:- нохчийн мотт хьехарехь ламасталлин а, инновационни а дешаран говзаллаш (технологеш);- нохчийн мотт хьехаран хьал а, хиндерг а;- нохчийн мотт ларбаран а, кхиоран а халонаш.
Планехь ю пленарни заседани, президиуман декъашхойн а, докладчикийн а пресс-конференци, 1илманан, учебно-методическин а, исбаьхаллин литературин а выставкаш.Конференцехь дакъалацаран хьокъехь заявкаш а, 1илманан статьян кепехь кхочушйина йолу коьчалш а, электронни почтехула mon-info@mail.ru
Оргкомитетан адрес:364021, Соьлжа-г1ала, академик М.Д. Миллионщиковн ц1арах болу урам, 67 «а», Нохчийн Республикин дешаран а, 1илманан а Министерство.Тел.: 8 (8712) 22-61-18, факс: 22-51-88